Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гІовгІа яьккхира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. ТІаккха Делан озо гІовгІа йо. Шен возаллин озаца Цо гІовгІа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо. Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хІуманаш до Цо. Цо хІаваэрачу Іаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира. Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гІовгІа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кІегий серладевлира
Выбор основного перевода