Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тІе, стигалш бухара чохь са мел долу хІума а хІаллакьярхьама. Лаьтта тІехь мел долу хІума хІаллакьхир ду. Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тІера дІадовр ду. Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тІехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен. ХІинца шу кІелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тІера мода дІаяккхар дац, амма цІеначу дагца Деле йина чІагІо ю. Дала леррина къобалвина Іийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кІелхьардоху.
Выбор основного перевода