Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шу декъал а дойла, Цо шу лар а дойла! Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла, Цо шуна синпаргІато а лойла!“» Веза Эла Шен халкъан гІап а ю, Ша къобалвинчун кІелхьарваккхаран чІагІо а ю. Ткъа эсала болчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду. Дела, кхераме ву Хьо Хьайн цІа чуьра Хьо вогІучу хенахь. Исраилан халкъан Дела! Ахь ло Хьайн халкъана ницкъ а, чІагІо а. Декъала ву Хьо, Дела! Цо кІадвеллачунна ницкъ а ло, хІоьттинчунна гІора а ло.
Выбор основного перевода