Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта дуьйлийша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта чу дуьйлийша! Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гІойша. ХІунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала? Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала? Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу.
Выбор основного перевода