Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тІейогІучу тІаьхьенашна. Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо. шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогІа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна. Цунна лаьа массо а адамаш кІелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а.
Выбор основного перевода