Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бІаьргашна дуьхьалара Ахь со дІаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дІахезира сан доІанан аз, Хьайга со дІакхайкхича. Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу. Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а, Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу. Іеса стаг кхоьруш дерг цунна тІедогІур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду. Іесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доІа Цунна хезаш ду. Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду.
Выбор основного перевода