Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тІера дІадовр ду. Веза Эла гуттар а паччахьалла деш хир ву, хьан Дела, ва Цийон, тІаьхьенашкара тІаьхьенашкахь Паччахь хир ву. Везачу Элана хастам бе. ХІокху лаьтта тІехь долу адамийн дахар хІумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тІехь бехачарна тІехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хІун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш. ХІинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хІума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаІо Иза ницкъ болуш а ву». Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КІелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Іийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ. Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.
Выбор основного перевода