Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даккхий ду Цуьнан гІуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дагардина а вер вац. Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац. Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чІогІа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гІалахь, Цуьнан безачу лома тІехь. Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза. Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кІад а ца ло, хІотта а ца хІутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац. ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
Выбор основного перевода