Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со кІелхьарвоккху Дела, цхьаннан цІий Іанорах ларвелахь со, тІаккха ас Хьан нийсо хастор ю. Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам. Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла. Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу, Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу. Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гІуллакхаш а, Цунна хастам бан хьакъ долу гІуллакхаш а. Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а, Шен хедар боцу безам боккха хиларна а, Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас, Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.
Выбор основного перевода