Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тІехь Ахь деш долу гІуллакхаш а, тамашийна хІуманаш а далуш? ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“. Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Дийна волчо бен Хьо хастор вац, ас Хьо хІинца хаста-ма-варра. Дайша шайн берашна дуьйцур ду Хьан тешаме хиларх лаьцна.
Выбор основного перевода