Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. qac Аqac*са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла. qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа. Сох мостагІий ма кхардийтахьа. qac Гqac*айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна. Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со. Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со, сан мостагІий сан тергам беш хиларна. Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гІо дийр ду. Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла, Хьуна тешаме волуш лелар вара со. Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа. ХІора Іуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо, тІаккха кху лаьтта тІехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо.
Выбор основного перевода