Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш Іаморхьама Хьайн дика Са дІадели Ахь. Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дІалора Ахь царна, церан хьогалла дІаяккха хи а лора. Сан синна ницкъ а луш, Шен цІеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо. qac Гqac*айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна. qac Дqac*е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тІе а верзавехьа со, Іама а вехьа со, хІунда аьлча со кІелхьарвоккху Дела Хьо ву. qac Бqac*акъволу Эла, декъала ву Хьо! Хьайн парзаш суна хьехахьа. Іесачу стагах къинхетам бича, цунна нийсо Іемар яц. Везачу Элан возалле ца хьожуш, Делан лаамехь болчеран лаьтта тІехь зуламаш лелор ду цо.
Выбор основного перевода