Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зип цІе йолчу яьссачу арахь йолчу чІагІйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хІора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд. мостагІчо, суна тІе а кхиъна, схьа а лаьцна, лаьттахь сан са а хьаьшна, сох чан а йина, вуьтийла со. ХІунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна, ткъа дахар эхартана уллохь ду. Со кошана уллохь болчу нахаца дІанисвелла. Со гІора доцу стаг хилла дІахІоьттина. Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву, со вийна Іуьллу стаг санна ву, Хьуна дага а ца вогІуш, Ахь гІо дечуьра дІа а ваьлла. Ахь со эхартан саьнгар чу виллина, бодане, бух боцучу Іин чу тесна. qac Бqac*оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Іохкуш болу нах санна.
Выбор основного перевода