Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цІена хила?“ «Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду? Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац. Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг! Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со? Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цІена? Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дІаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те? Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь. Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета. хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо.
Выбор основного перевода