Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дог чІогІа Далла тІетевжаш хила деза, Цуьнга дІакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а. Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах. Маца дІавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Іибадат дан? Нагахь оха, тхешан Делан цІе йиц а йина, хийрачу далла куьйгаш хьалаайинехьара, Дела! Хьо сан Дела ма ву! Сан даго Хьо даим а лоьху! Хьоьга сатуьйсуш ду суна чуьра са а. Кху даьссачу, дакъаделлачу, хине сатуьйсучу лаьтто санна, Хьоьга сатуьйсу ас. Сан бІаьргаш дукха велхарна лозуш бу. ХІора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву, сан куьйгаш Хьоьга дІакховддийначохь лаьтташ ду.
Выбор основного перевода