Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дешнаш дІахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн. Даудан доІа. Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дІа а хазий, тергамца сан тийжаме ладогІахьа, харц йоцучу сан багара доІа тІеэцахьа. Хьо бакъ хиларна, кхерамах паргІатваккхахьа со. Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай, кІелхьарваккхахьа со. Хьан хедар боцучу безамах лаьцна, Веза Эла, ас даим а назманаш бохур ю, Хьан тешаме хиларх лаьцна массо а тІаьхьенашкахь Аса сайн багахула дІахоуьйтур ду. Ас боху: «Хьан хедар боцу безам абаденналц дІахІоттийна, Хьайн тешаме хилар Ахь стигалшкахь дІахІоттийра». Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву! Веза Эла, дІахазахьа сан доІанаш!» Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Выбор основного перевода