Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тІе. Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хІуманна а тІе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара. qac Мqac*еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а. Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву. Цо, тІера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо.
Выбор основного перевода