Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мила вер ву Везачу Элан лам тІе, я мила дІахІуттур ву Цуьнан дезачу цІа чохь? Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. Цийон-лома тІехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Іеса нах бегош бу: «Вайх мила Іалур ву дерриг а дІакхоллучу цІерана уллохь? Вайх мила Іалур ву йовр йоцучу цІерана уллохь?» Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хІума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дІакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бІаьргаш дІакъовлуш верг а ву – иштта волу стаг лакхенашкахь Іаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гІап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза. «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Декъала бу Хьан цІа чохь бехаш берш: уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.
Выбор основного перевода