Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шегара зулам цадолуьйтург, дог цІена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. Сан даг чохь бакъдерг хилар лууш ву Хьо, цундела сан коьрте хьекъал доуьйту Ахь. Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо. Декъала ву бакъдерг лардеш верг, массо а хенахь нийсо лелош верг. Аша дан дезарш хІара гІуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гІуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама. Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хІунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло. Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дІа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца.
Выбор основного перевода