Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭлишаІ-пайхамаро элира: «Шена ас гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чІагІо йо аса, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агІор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла. Амма исраилхоша хІаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цІарах царна чІагІо йина дела. И хІума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой. Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чІагІо йина царна, цундела царах куьг Іотта йиш яц вайн. Ткъа царна вай хІара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чІагІо бахьанехь ваьшна таІзар ца хилийта». Шена дуьхьалйогІуш йолу шен йоІ гича, Яптахьа шена тІера бедарш этІийра, ша холчу хІоттар дІагойтуш. Цо элира: «Сан йоІ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!» Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болу массо а элий, ХІаманна хьалхахь охьа а теІаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тІедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьІара ХІаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. ГІайре тІера бахархоша чІогІа ларам бира тхан. Тхо дІадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
Выбор основного перевода