Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц. Эхартахь а, хІаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна. Иштта, чагІаро Іехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Іожалла санна, цкъа а Іебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тІе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“». Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла. Нагахь санна, шайн мостагІашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гІахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бІаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тІехьажор бу».
Выбор основного перевода