Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагІий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тІебоьду сан некъ. Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со. Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со, сан мостагІий сан тергам беш хиларна. Хьайн новкъа ваккхахьа со, Веза Эла, Хьуна тешаме волуш лелар вара со. Сан дог кхоччуш Хьайх кхерийтахьа. Іуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна, хІунда аьлча Хьох тешна Іаш ву со. Со дІаваха веза некъ гайтахьа суна, хІунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду. Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Іамавехьа со. Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тІехула вуьгийла со. Везачу Элана ца деза Іесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза.
Выбор основного перевода