Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кІорга хи а, Іаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тІехула лелаш дара. Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цІена ца хилар дІадаьккхича, Ярушалайм цунна тІерачу цІийх дІацІанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цІеран а синца. ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гІалахьа дІаволавелира, Везачу Элах дІавадархьама. ХІордан йистехь йолчу Яппи-гІала а кхаьчна, Таршаш-гІала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тІе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дІавадархьама.
Выбор основного перевода