Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала со бакъдолчу терзан тІехь узийла, тІаккха хуур дара Цунна, со цІена вуйла. Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама».
Выбор основного перевода