Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан деган кІоргене хьаьжира Хьо. Буьйсанна сан терго а йина, со Ахьа зийча, цхьа а вониг ца карийра Хьуна. Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта сацам бина аса. иза Далла хуур дацара ткъа, Шена деган къайленаш евза дела? «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Ткъа со Хьуна вевзаш ву. Хьуна со гуш ву, Веза Эла, сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна. Дайа дезаш долу уьстагІий санна, дІакхехьа уьш! Байаран де тІекхаччалц дІакъастабехьа уьш! КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа.
Выбор основного перевода