Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цІенна а, ткъа хІинца хІаллак хІунда во Ахьа со? Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХІинца юха а сох чан ян воллу те Хьо? Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кІалд санна, вукъвира Ахьа со. Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тІе, даьІахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со. Сан валар лоьхуш берш лаьттан буха кхочур бу. Хьуна ца хаьа, ненан кийрахь долчу беран дахар муха долало. Иштта ца хаьа хьуна, дерриге а хІума кхуллуш волчу Дала хІун до.
Выбор основного перевода