Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан цІийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагІатто гІерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гІаьттира, цаьрца цо яа хІума а ца йиира. ХІунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догІу ялта санна, маргІал а лур бу. Со гІело хьоьгург а, пекъар а ма ву, сан кийрара дог а доьхна ду. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, Везачу Эло царна тІе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду. ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу.
Выбор основного перевода