Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Ярушалайм дІахІоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву. ПІелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хІун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гІала чІагІйина дІахІоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гІело хьегначарна дІалечкъийла карор ю“». «ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла! Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь.
Выбор основного перевода