Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар. Хьан багара долу дешнаш дІахезча, Веза Эла, Хьуна хастамаш бийр бу лаьттарчу массо а паччахьаша. Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе.
Выбор основного перевода