Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьан цІа чуьра хІун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаІ-ЯхІус. «Сан цІахь мел долу хІума а гира царна. Сан хазнаш чохь хІумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхІус. Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дІаевр ю, кІур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кІелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дІаер яц. «Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догІур дац, даг тІехь а хир дац. «Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тІаьхье а, цІе а даим юьсур ю. Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хІинцалера стигалш а, латта а даго Іалашдеш ду, къематан а, Іеса нах хІаллакбен а де тІекхаччалц. Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду. Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цІена а, суьпа а хила деза, Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду. Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.
Выбор основного перевода