Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гІопах, Ярушалайман пенаш ирахІиттадехьа. Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина, Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хІокху метте схьа а дерзош. Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»
Выбор основного перевода