«Делахь, шайн хІинца болу хийра деланаш дІа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тІедерзаде», – элира ЮшаІа.
Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг, царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!
Сан кІант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде,
сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугІуш, ваха.
Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар.
Іийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаІ-ЯхІу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.