Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьекъал долчу кІанта товрат-хьехам кхочушбо, ткъа кІадбоцучарна улло гІерташ волчо шен да юьхьІаьржачу хІиттаво. Къа ду чагІар мала майрачийн а, чІогІа малар кечдан говзачийн а. Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. «Варелаш, тІехъюучу хІумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дІа ма лецийталаш, хІунда аьлча оцу дийно дІалоцур ду шу, Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тІера а ца довлуш, малар тІех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хІума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагІ а йоцуш. Сийсаза лелар долуьйту чагІар тІех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш.
Выбор основного перевода