Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьаболчара гІудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цІарах дозалла до. Дин а бац тешаме стаг кІелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кІелхьарвоккхур вац цо иза. паччахьашна толам лучу Хьуна, Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кІелхьарвоккхучу Хьуна. Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло, тІемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац.
Выбор основного перевода