Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Стагана ша массо а хІуманна тІехь нийса хета, амма цуьнан деган Іалашонийн барам Везачу Эло бусту. Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гІерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета. Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чІагІдар гІоле ю, хІума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.
Выбор основного перевода