Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тІелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогІур вац: ур-атталла бІаьрзечарий, астагІчарий дІалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гІап схьаяьккхина. ТІаьхьо цу гІопана, «Даудан гІала» аьлла, цІе тиллира. Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кІелахь йолчу биргІанехула ваха веза, „бІаьрзе а, астагІа а“ болу сан мостагІий болчу царна тІекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагІа верггий, бІаьрзениггий цІа чу вогІур вац». Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. Хьекъалалла дерг гІалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву. Амма цу гІалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гІала кІелхьаръяьккхира. Ткъа цул тІаьхьа цу гІалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгІнехь а.
Выбор основного перевода