Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду? Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гІо доьхур ду? Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хІаллакйо халкъийн Іалашонаш. Ткъа Везачу Элан Іалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тІаьхьенера тІаьхьене кхочу. МостагІалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогІалаш! ТІамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХІаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду! Дага хІуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хІунда аьлча тхоьца Дела ву! Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза. Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш. Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».
Выбор основного перевода