Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана Іесачу стага доккхуш долу сагІа ца деза, амма догцІеначун доІане Цо резахиларца ладугІу. Іесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доІа Цунна хезаш ду. Амма сту сагІина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагІина Іахар боккхуш верг жІаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КІен сагІа доккхуш верг хьакхин цІий сагІина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогІу хІума ягош верг цІунна Іибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гІуллакхех царна там хиларе терра, ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш аша дахахь а, Аса тІеоьцур дац уьш. Со дІахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагІане.
Выбор основного перевода