Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна диканиг дан догІучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь. Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дІа а гІой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгІира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира. И хІума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дІа а бахана, дІадийцира. Эло, и ялхо тІе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтІера а ваьлла, хьуна дитира. Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“ ОьгІазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла. Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тІаккха Делан безам муха хир бу цуьнца? ХІунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.
Выбор основного перевода