Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Веза Эла, оха мукІарло до тхаьш лелийначу Іесачу гІуллакхашна а, тхайн дайша летийначу къиношна а. Хьуна дуьхьал оха къа латийна. Амма аша шайн дайшачул а чІогІа дукха къинош летийна. Шух хІорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугІу аша. Цу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“. «Аша Исраил-махкахь стенна даладо хІара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“?»
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода