Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Санбулатаца цхьаьна волчу Іамминхочо ТІуби-ЯхІус элира: «Жуьгташа меттахІоттош ерг хІун ю? Жима цхьогал тІедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен». Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Іарш кхел ярна кечйина ю. Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! Хьайн когаш гуттаренна а Іохкучу саьлнашна тІеберзабехьа. МостагІчо Хьан дезачу цІа чуьра дерриг хІума а дохийна дІадаьккхина. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода