Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Іарш кхел ярна кечйина ю. Дала делла хьан паччахьалла абаденналц лаьтта, ткъа хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду. Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву, Хьо тІаьхьенашкара тІаьхьенийн а дагахь ву. Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. ТІеюху хІума санна, Ахь уьш хуьйцур ду, тІаккха уьш къайладохур ма ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода