Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Тхан лулахошка емалдайта дІадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дІадели Ахь тхо. Халкъашна юкъахь кицанна а даладойтуш, дІахІиттий Ахь тхо. Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш, тхох кхардам бина, дІахІиттий Ахь тхо. Сан сийсазалла дийнахь сарралц суна хьалха ю. Со юьхьІаьржачу хІоттийна, со емалвеш болчеран а, харцлуьйчеран а озо а, сан мостагІчун а, суна бекхам бар лоьхучеран а хьежаро а. Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХІокху кемсийн бешан гІайгІа бехьа! Дагадаийтахьа, Хьалдолу Эла, Хьан ялхо волчунна мостагІаша бина дегабаам а, сайн дагахь дерриге а къаьмнаш сох кхардар со хьоьгуш хилар а. Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ю, ткъа хІора хьуна тІехволург хьох кхаьрдар ву.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода