Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шена тІе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тІемалойн хьаькамашка ЮшаІа элира: «ТІе а гІой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тІе баха». Цара, тІе а бахана, паччахьийн вортанаш тІе когаш бехкира. Ткъа тхо хІинца леш ду. ХІокху Ахьа тхан дайшна цаьрга пайда эцийта а, цу тІера шайна напха даккхийта а дІаделла долчу лаьтта тІехь тхо леш хилла дІахІиттина. Ахь тхуна тІехь хІиттийна болчу паччахьийн кара лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту, оха летийна къинош бахьана долуш. Тхан догІмашна тІехь олалла до цара, ткъа церан карахь ду тхан даьхни. Цара тхуна тІехь шайна луъург леладо, цундела тхо йоккхачу гІайгІанехь ма ду. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кІелахь хилийта. Уьш цунна гІуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дІаелла’“».
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода