Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. Ас шун кІенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех – назархой хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» – боху Везачу Эло. Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода