Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дІа а вахана, Галилай-махкарчу гІаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира. Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тІаьхьа, Іийса цигара дІавахара. Шен къамел чекхдаьллачул тІаьхьа Іийса, Галилай-махкара дІа а вахана, ЯхІуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агІонгахь йолчу метте веара. Ша къамел дина ваьллачул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира: Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хІунда аьлча Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Іийсас. Шоьтан де тІедеача, гуламан цІа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Іийсага ла а дугІий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хІун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хІуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. ЛадугІуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Іийса Къапарнам-гІали чу вахара. Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгІуш Іара, хІунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. Ткъа гІаролхоша жоп делира: «ХІинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».
Выбор основного перевода