Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду: „Сан Дела! Хьо тхуна вевза. Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ – бохуш. КІанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тІаьхьа метта а веана, болх бан вахара. ТІаккха дас, важа кІант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгІачу кІанта жоп делира: „ГІур ву“. Амма иза болх бан ца вахара. Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТІаккха Іийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тІелоцуш бу. «Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тІаккха аш Ас бохург дан деза. ХІунда аьлча Сан Ден лаам бу, хІора а, Со КІант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тІаьхьарчу дийнахь». ГІалара гІала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тІехІиттича, Везачу Элан Іийсан цІе йоккхуш хуьлура: «ПахІала Шех лаьцна дуьйцучу Іийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий. ХІунда аьлча товрат-хьехамашка ладегІарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу. Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеІалт хуьлийла Іийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Іийса – Веза Эла ву». Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугІурш бен а ца хилла, шаьш Іехочарах тар а ца луш. Амма Делан кхачаме болчу а, паргІато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидІа а тидам а беш, вицлуш волу ладогІархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гІуллакхашна тІехь декъалвина хир ву. Дуьне а, дуьненан лаамаш а дІабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.
Выбор основного перевода