Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу. Цу пенна тІе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дІахаийта. ЧІогІа догІа а догІур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тІе а хьокхур бу. И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХІун хилла аша цу пенна тІе тоьхначу кирах?’“ Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгІазаллица чІогІа догІа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хІума а хІаллакдархьама.
Выбор основного перевода