Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Товрат тІера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тІедиллинчу оцу шина гІуллакх тІехь лаьтташ ду». Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила. Цхьанна а цхьа а хІума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дІабала беза безам боцург, хІунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду. ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
Выбор основного перевода