Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. ХІора Со волчу вогІуш верг, Сан дешнашка ладугІуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. Иза цІа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кІоргга ахка а аьхкина, тархана тІехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цІенна тІе хьаьдча, цо цІа меттах а ца даьккхина, хІунда аьлча иза дика дина долу дела. Ткъа важа, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тІехь, боьттина бух а боцуш, цІа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тІе хьаьдча, и цІа доьхна дІадаьлла, цунах боккха барз бисина». Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугІурш бен а ца хилла, шаьш Іехочарах тар а ца луш. ХІунда аьлча, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло. Амма Делан кхачаме болчу а, паргІато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидІа а тидам а беш, вицлуш волу ладогІархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гІуллакхашна тІехь декъалвина хир ву.
Выбор основного перевода